Сура Аль-Баййина
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Баййина pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Баййина pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Баййина Гочдар. Аль-Баййина (Medinan) 8 Аят.
Related
- Аль-Баййина ГочдарНохчийн
- Аль-Баййина mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Баййина

ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Ца хилира жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу керстанаш д1атуьлуш /шаьш тIехь хиллачу керста динах/ шайга къегина делил далц –
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Делера элча (Мухьаммад- пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цIена долу хьарчораш .
ﮫﮬﮭﮮ
Царна чохь мехала долу яздинарш а (аяташ, хьукманаш) долуш.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Шайга жайна доссийнарш бекъа ца белира шайга къегина долу делил деъначул тIаьхьа бен‚
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь, бакъ долчунна (ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динна) тIе тийжаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Баккъалла а, жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш дика халкъ ду-кх!
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Церан /хаза/ бекхам шаьш Кхиош-Кхобучунна гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайна бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела резахили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-Кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







