Аш-Шура · 24/53
Гочдар Дешар — Сура Аш-Шура
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۖ فَإِن يَشَإِ اللَّهُ يَخْتِمْ عَلَىٰ قَلْبِكَ ۗ وَيَمْحُ اللَّهُ الْبَاطِلَ وَيُحِقُّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ ۝٢٤
Am yaqooloonaf tara `alal laahi kaziban fa-iny yasha il laahu yakhtim `alaa qalbik; wa yamhul laahul baatila wa yuhiqqul haqqa bi Kalimaatih; innahoo `Aleemum bizaatis sudoor
📖 Нохчийн маьӀна
Я цара олу: "Цо (Мухьаммад- пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо . Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 22-26 — Сура Аш-Шура

22تَرَى الظَّالِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا كَسَبُوا وَهُوَ وَاقِعٌ بِهِمْ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي رَوْضَاتِ الْجَنَّاتِ ۖ لَهُم مَّا يَشَاءُونَ عِندَ رَبِّهِمْ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ
Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух, цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх!
23ذَٰلِكَ الَّذِي يُبَشِّرُ اللَّهُ عِبَادَهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۗ قُل لَّا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِلَّا الْمَوَدَّةَ فِي الْقُرْبَىٰ ۗ وَمَن يَقْتَرِفْ حَسَنَةً نَّزِدْ لَهُ فِيهَا حُسْنًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ شَكُورٌ
Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла /х1ай элча, цу цатешачаьрга/: "Ас ца боьху шуьга цунах цхьа а мах гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна – Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела т1ех гечдеш верг а ву‚ /диканиг диначунна/ т1ех баркалле верг а ву.
24أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۖ فَإِن يَشَإِ اللَّهُ يَخْتِمْ عَلَىٰ قَلْبِكَ ۗ وَيَمْحُ اللَّهُ الْبَاطِلَ وَيُحِقُّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Я цара олу: "Цо (Мухьаммад- пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо . Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
25وَهُوَ الَّذِي يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَعْفُو عَنِ السَّيِّئَاتِ وَيَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг.
26وَيَسْتَجِيبُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَيَزِيدُهُم مِّن فَضْلِهِ ۚ وَالْكَافِرُونَ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ
Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Iамалш йиначарна а (церан доIанна)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллех. Ткъа керстанаш – царна чIогIа Iазап хир ду.
Аш-ШураКуръан индекс
53Аят
MeccanRevelation
24Аят

Гочдар — Аш-Шура 24

Сура Аш-Шура Аят 24 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Я цара олу: "Цо (Мухьаммад- пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?"…

Сура Аят 24/53 — Сура Аш-Шура الشورى (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Аш-Шура ЛадоргӀа, Сура Аш-Шура Гочдар, Сура Аш-Шура mp3, Сура Аш-Шура pdf. Аят 22–26. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, September 8, 2026

Don't forget us in your sincere prayers