Аль-Хьадид · 14/29
Гочдар Дешар — Аль-Хьадид
يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُن مَّعَكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنتُمْ أَنفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَارْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ الْأَمَانِيُّ حَتَّىٰ جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ وَغَرَّكُم بِاللَّهِ الْغَرُورُ ۝١٤
Yunaadoonahum alam nakum ma`akum qaaloo balaa wa laakinnakum fatantum anfusakum wa tarabbastum wartabtum wa gharratkumul amaaniyyu hatta jaaa`a amrul laahi wa gharrakum billaahil gharoor
📖 Нохчийн маьӀна
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара – мунепикъаша): "Тхо шуьца дацара ткъа?" Цара эр ду: "ХIаъ‚ делахь а шайн догIмаш питане лецира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лецира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра (Iожалла) даллалц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо (шайтIано).
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 12-16 — Аль-Хьадид

12يَوْمَ تَرَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ يَسْعَىٰ نُورُهُم بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِم بُشْرَاكُمُ الْيَوْمَ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъма божарий, и муъма зударий, шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: "Кхаъ бу шуна тахана – бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!"
13يَوْمَ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ لِلَّذِينَ آمَنُوا انظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِن نُّورِكُمْ قِيلَ ارْجِعُوا وَرَاءَكُمْ فَالْتَمِسُوا نُورًا فَضُرِبَ بَيْنَهُم بِسُورٍ لَّهُ بَابٌ بَاطِنُهُ فِيهِ الرَّحْمَةُ وَظَاهِرُهُ مِن قِبَلِهِ الْعَذَابُ
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: "Хьовсийша тхоьга! Шун нуьрах нур оьцур дара Оха". Эр ду: "Юхадерза‚ лаха шайна нур!" Царна (муъма нахана а, мунепикъ нахана а) юккъехь керт хIоттор ю, шен неI йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъма нах болу агIо) къинхетам болуш‚ цунна арахьахула (мунепикъ нах болу агIо) Iазап долуш.
14يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُن مَّعَكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنتُمْ أَنفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَارْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ الْأَمَانِيُّ حَتَّىٰ جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ وَغَرَّكُم بِاللَّهِ الْغَرُورُ
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара – мунепикъаша): "Тхо шуьца дацара ткъа?" Цара эр ду: "ХIаъ‚ делахь а шайн догIмаш питане лецира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лецира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра (Iожалла) даллалц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо (шайтIано).
15فَالْيَوْمَ لَا يُؤْخَذُ مِنكُمْ فِدْيَةٌ وَلَا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ مَأْوَاكُمُ النَّارُ ۖ هِيَ مَوْلَاكُمْ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугIойла жоьжахати хир ю. Иза ю шун тIетовжийла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!"
16۞ أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ آمَنُوا أَن تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ اللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ الْحَقِّ وَلَا يَكُونُوا كَالَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِن قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ الْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ ۖ وَكَثِيرٌ مِّنْهُمْ فَاسِقُونَ
Хан ца кхаьчна те ийман диллинчарна шайн дегнаш муьтIахь хила Дела хьехорна а‚ бакъдолчух доьссинчунна а‚ уьш ца хила а хьалха шайга жайна доссийначарах тера? Церан-м (жайнин ох1ланан) зама яхъелира – дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царах дукхахберш песикъ ма бу.
Аль-ХьадидКуръан индекс
29Аят
MedinanRevelation
14Аят

Гочдар — Аль-Хьадид 14

Сура Аль-Хьадид Аят 14 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара – мунепикъаша): "Тхо шуьца дацара…

Сура Аят 14/29 — Аль-Хьадид الحديد (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Хьадид ЛадоргӀа, Аль-Хьадид Гочдар, Аль-Хьадид mp3, Аль-Хьадид pdf. Аят 12–16. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers