Сура Ас-Саффат pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ас-Саффат pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ас-Саффат Гочдар. Сура Ас-Саффат (Meccan) 182 Аят.
Related
- Сура Ас-Саффат ГочдарНохчийн
- Сура Ас-Саффат mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ас-Саффат

ﭑﭒﭓ
37:1
/Ас дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарах /нисбинчу/ могIаршца.
ﭔﭕﭖ
37:2
/Ас дуй боу/ лохкучарах /нуьцкъала/ лахкарца.
ﭗﭘﭙ
37:3
/Ас дуй боу/ хьехам боьшучарах :
ﭚﭛﭜﭝ
37:4
Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
37:5
Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобург ма ву Иза‚ малхбалийн а Кхиош-Кхобург ма ву Иза.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
37:6
Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица а,
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
37:7
Iалашдарца а х1ор карзахдаьллачу шайтIанах.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
37:8
Цара ладугIур дац Лакхарчу Кхеташоне ‚ духатухур ду массо а агIорхьара
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
37:9
генадаккхарца‚ ткъа царна ду цкъа а хедар доцу Iазап.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
37:10
Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ т1аккха цунна а тIаьхьакхуьу /стигалара/ охьабужу цIе туху седа.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
37:11
Ахь хаттал цаьрга /х1ай Мухьаммад/: "Уьш бу сов чIогIа кхолла ‚ я Оха кхоьллинарг ду ?" Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш (церан бух – Āдам) леташ болчу поппарах (топпарах).
ﮙﮚﮛﮜ
37:12
ХIаъ‚ цецваьлла хьо, уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/.
ﮝﮞﮟﮠﮡ
37:13
Шайна дагадаийтича (бакъдерг шайга д1акхачийча) а, цара дага ца дойту (пайда ца оьцу хьехамах шайн дегнаш къиза хиларна).
ﮢﮣﮤﮥﮦ
37:14
Шайна делил гича а, тIех ца бешаш хуьлу.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
37:15
Цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла бен дац.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
37:16
Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча, вай юхадендийр ду?
ﯗﯘﯙ
37:17
Я вайн хьалхалера дай (юхаденбийр бу)?"
ﯚﯛﯜﯝﯞ
37:18
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду".
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
37:19
Иза-м цхьа аз бен дац – уьш хьоьжуш хир бу,
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
37:20
шаьш олуш: "Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де".
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
37:21
"ХIара ду-кх и къастаран де‚ аш ша харцдеш хилла долу" .
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
37:22
"Схьагулбе и зулам динарш а‚ /уьш санна болу/ церан накъостий а‚ цара /шайна/ Iибадат деш хилларш а,
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
37:23
Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа!
ﰆﰇﰈﰉﰊ
37:24
Совцабе уьш – цаьрга барт хоттур бу!"
ﭑﭒﭓﭔﭕ
37:25
"Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?"
ﭖﭗﭘﭙﭚ
37:26
ХIаъ‚ уьш тахана муьт1ахь хилла /Делан г1уллакхна/.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
37:27
Царах цхьаберш т1ебирзи вукхарна, хоьттуш (вовшашна бехкаш бохуш).
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
37:28
Эр ду /тилабеллачара шаьш т1аьхьабаьзначаьрга/: "Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара".
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
37:29
/Вукхара/ эр ду: "ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
37:30
Тхан шуна тIехь цхьа а ницкъ бацара. ХIаъ‚ шу шаьш хили тIехдаьлла къам.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
37:31
Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-Кхобучун дош. Баккъалла а, оха Iовшур ду-кх /Iазап/.
ﮂﮃﮄﮅﮆ
37:32
Оха шу а тилий-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла".
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
37:33
Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу.
ﮍﮎﮏﮐﮑ
37:34
Баккъалла а, Оха иштта до /1азап/ къинош диначарна.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
37:35
Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: "Кхин дела вац АллахI бен", курабуьйлуш.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
37:36
Цара олура: "Оха буьтура ткъа тхан деланаш жинех волчу илланчин дуьхьа".
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
37:37
ХIаъ‚ иза-м (и Мухьаммад) веана бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина бахкийтинарш .
ﮪﮫﮬﮭﮮ
37:38
Баккъалла а, аш Iовшур ма ду лазош долу Iазап.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
37:39
Шуна бекхам хир ма бац аш деш хилларг бен.
ﯗﯘﯙﯚﯛ
37:40
Делан сов цIена леш боцучара. (Царна хир дац 1азап).
ﯜﯝﯞﯟﯠ
37:41
Царна девзаш долу рицкъ хир ду –
ﯡﯢﯣﯤ
37:42
стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду
ﯥﯦﯧﯨ
37:43
/гуттар хир долчу/ ниIматийн бошмашкахь.
ﯩﯪﯫﯬ
37:44
Маьнганашна тIехь вовшашна духь-дуьхьал лаьтташ.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
37:45
Царна /тIехьийзаш/ го боккхур бу /бераша/ шовдана чуьра /ихачу/ чагIаран кедаца.
ﯳﯴﯵﯶ
37:46
КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучарна.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
37:47
Цу чохь /хьекъал/ талхар а хир дац /корта лозуш/‚ уьш цунах бехар а бац.
ﯿﰀﰁﰂﰃ
37:48
БIаьрса лардеш болу (хийрачу божаршка ца хьоьжуш), бIаьргаш баккхий болу /хаза мехкарий/ хир бу церан.
ﰄﰅﰆﰇ
37:49
Шаьш хьуламехь долчу хIоах тера.
ﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
37:50
Царах цхьаберш вукхарна дуьхьал гIур бу, хоьттуш.
ﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
37:51
Эр ду царах олучо: "Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
37:52
Цо олура: "Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарах ву?
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
37:53
Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча, вай бекхаме узур ду?"
ﭞﭟﭠﭡﭢ
37:54
Цо (Делах тешаш хиллачо) эр ду: "Шу хьовсий (муха ду техьа цуьнан хьал х1инца)?"
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
37:55
Иза хьаьжира‚ тIаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
37:56
Цо (тешаш хиллачо цатешаш хиллачуьнга) эр ду: "ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллаквеш ма лаьттара ахь.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
37:57
Сан Кхиош-Кхобучун ниIмат ца хиллехьара, со хир ма вара /кхузахь/ лаьттачарах".
ﭶﭷﭸﭹ
37:58
/Т1аккха ялсаманин охIланга а вирзина, цу тешаш хиллачо эр ду/: "Вай /кхузахь цкъа а/ лийр долуш дац,
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
37:59
вайн цкъа /дуьненахь долуш хилла долу/ далар бен? Вайна /кхин цкъа а/ Iазап дийр долуш а дац?!
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
37:60
Баккъалла а, хIара бу-кх сийлахь-беза толам!"
ﮇﮈﮉﮊﮋ
37:61
Ишттачун дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучара!
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
37:62
Ткъа иза ду /хьошалгIа/ восса дика‚ я заккъум дитт ду?
ﮓﮔﮕﮖﮗ
37:63
Баккъалла а, Оха иза хилийтина питана хилла зуламхошна.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
37:64
Баккъалла а, иза ду жоьжахатина бухахь схьадолу дитт.
ﮟﮠﮡﮢﮣ
37:65
Цуьнан стоьмаш бу, шайтIанийн кортош санна.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
37:66
Баккъалла а, цара (къинош диначара) цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю цунах.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
37:67
ТIаккха баккъалла а, царна цунна тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
37:68
ТIаккха, баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате хир ду.
ﯚﯛﯜﯝﯞ
37:69
Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла /царна тIаьхьабаьзира уьш/.
ﯟﯠﯡﯢﯣ
37:70
Цара церан (шайн дайн) лорах баха сихо йира. (Дуьненахь болуш, шайн дайша летийна къинош летийра цара а).
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
37:71
Тилабелира царал хьалха дуьххьар хиллачарах дукхахберш.
ﯪﯫﯬﯭﯮ
37:72
Оха бахийтира цаьрга кхерамчаш.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
37:73
Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран чакхе.
ﯵﯶﯷﯸﯹ
37:74
Делан сов цIена леш боцучеран.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
37:75
Тхоьга кхийкхира Нухьас – ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
37:76
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балех.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
37:77
Оха хилийтира цуьнан зуьррет – иза бухадуьсург.
ﭖﭗﭘﭙﭚ
37:78
Оха цунна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь .
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
37:79
Салам ду Нухьана Iаламашкахь.
ﭡﭢﭣﭤﭥ
37:80
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна.
ﭦﭧﭨﭩﭪ
37:81
Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лейх.
ﭫﭬﭭﭮ
37:82
ТIаккха Оха хи бухабахийтира бисинарш.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
37:83
Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
37:84
Дагадаийта! Иза веара шен Кхиош-Кхобучунна тIе цIеначу дагца.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
37:85
Дагадаийта! Цо аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "ХIун ю аш Iибадат деш йерг?
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
37:86
Харцдерг деланаш /лаца/ лаьа шуна, АллахI- Дела а витина?
ﮈﮉﮊﮋﮌ
37:87
ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?"
ﮍﮎﮏﮐﮑ
37:88
Иза хьаьжира хьажарца седарчашка .
ﮒﮓﮔﮕ
37:89
ТIаккха цо элира: "Баккъалла а, со цомгуш ву".
ﮖﮗﮘﮙ
37:90
Уьш дIабирзира цунах‚ букъ берзийна.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
37:91
Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: "Аш ца юу?
ﮡﮢﮣﮤﮥ
37:92
Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?"
ﮦﮧﮨﮩﮪ
37:93
Иза тIевирзира царна, тухуш аьтту куьйгаца .
ﮫﮬﮭﮮ
37:94
Уьш дуьхьалкхийтира цунна, сиха боларца бевдда баьхкина .
ﮯﮰﮱﯓﯔ
37:95
Цо (Ибрах1има) элира: "Аш Iибадат до ткъа шаьш цоьстуш йиначарна ?
ﯕﯖﯗﯘﯙ
37:96
Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аш деш дерг а /кхоьллинарг а/".
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
37:97
Цара элира: "Йē цунна гIишло‚ чукхосса иза йогучу цIерга!"
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
37:98
Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарах.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
37:99
Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-Кхобучунна тIе. Цо нисвийр ву со.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
37:100
Сан Кхиош-Кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь".
ﯵﯶﯷﯸ
37:101
Оха цунна кхаъ баьккхира тIех собаре кIантаца .
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
37:102
Иза цуьнца (ИбрахIимца) сиха лелалучу хьоле кхаьчча ‚ цо (ИбрахIима) элира: "ХIай сан кIанталг ‚ баккъалла а, суна го гIенах ас хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета". Цо элира: "Дада‚ хьайга омра деш дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Дала мукъалахь‚ собар дечарах".
ﭑﭒﭓﭔﭕ
37:103
И шиъ /Далла/ муьт1ахь хилча‚ цо (ИбрахIима) иза хьаж тIе виллича /урс хьакха/‚
ﭖﭗﭘﭙ
37:104
Оха цуьнга кхийкхира: "ХIай ИбрахIим!
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
37:105
Бакъхилийти ахь гIан". Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
37:106
Баккъалла а, хIара – иза ду-кх билгала долу зер.
ﭩﭪﭫﭬ
37:107
Оха текхира цунах сийлахь-деза гIурба .
ﭭﭮﭯﭰﭱ
37:108
Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаставар а/ тIаьхьабогIучаьргахь.
ﭲﭳﭴﭵ
37:109
Салам-маршалла ду ИбрахIимна.
ﭶﭷﭸﭹ
37:110
Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна.
ﭺﭻﭼﭽﭾ
37:111
Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
37:112
Оха кхаъ баьккхира цунна Исхьакъаца‚ дикачарах пайхамарца .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
37:113
Оха декъалвира иза а‚ Исхьакъ а. Цу шиннан зуьрретах диканиг а ву‚ ша-шена билгала зуламхо а ву.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
37:114
Мусах а‚ ХIарунах а бинера Оха /боккха/ къинхетам.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
37:115
КIелхьарваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу бāланах.
ﮝﮞﮟﮠﮡ
37:116
Царна гIо дира Оха – уьш хилира тоьлларш.
ﮢﮣﮤﮥ
37:117
Оха делира цу шинга билгала долу жайна.
ﮦﮧﮨﮩ
37:118
Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа.
ﮪﮫﮬﮭﮮ
37:119
Оха дитира цу шиннан /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.
ﮯﮰﮱﯓﯔ
37:120
Салам-маршалла ду Мусага а‚ ХIаруне а.
ﯕﯖﯗﯘﯙ
37:121
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна.
ﯚﯛﯜﯝﯞ
37:122
Баккъалла а, и шиъ Тхан муъма лех ву.
ﯟﯠﯡﯢﯣ
37:123
Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
37:124
Цо ма элира шен къоме: "Шу /Делах/ ца кхоьру?
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
37:125
Аш кхойкху ткъа БаIлага ‚ уггар дика Кхоллархо а вуьтий?
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
37:126
АллахI – шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?"
ﭑﭒﭓﭔ
37:127
Т1аккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхах1иттор ма бу /жоьжахатина, 1азапана/.
ﭕﭖﭗﭘﭙ
37:128
Делан сов цIена леш боцурш.
ﭚﭛﭜﭝﭞ
37:129
Оха дитира цунна /хаза цIе яккхар, наха хаставар/ тIаьхьабогIучаьргахь.
ﭟﭠﭡﭢﭣ
37:130
Салам-маршалла ду Ил-йāсūна .
ﭤﭥﭦﭧﭨ
37:131
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна.
ﭩﭪﭫﭬﭭ
37:132
Баккъалла а, и Тхан муъма лех ву.
ﭮﭯﭰﭱﭲ
37:133
Баккъалла а, ЛутI а ву бахкийтинчарах .
ﭳﭴﭵﭶﭷ
37:134
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан берриг доьзал а.
ﭸﭹﭺﭻﭼ
37:135
/1азапехь/ бисинчарна юккъехь хилла йолу /Лут1ан зударех/ цхьа йоккха стаг йоцург.
ﭽﭾﭿﮀ
37:136
ТIаккха Оха бохийра биснарш.
ﮁﮂﮃﮄﮅ
37:137
Баккъалла а, шу лелаш ма дуй царна юххехула Iуьйранна а‚
ﮆﮇﮈﮉﮊ
37:138
буьйсанна а. Шу хьекъале ца хуьлу?
ﮋﮌﮍﮎﮏ
37:139
Баккъалла а, Йȳнус а ву бахкийтинчарах (элчанех).
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
37:140
Ведира иза дуьззинчу кеманна тIе.
ﮖﮗﮘﮙﮚ
37:141
Цо кхаж тесира /цаьрца/ – иза эшначарах хилира.
ﮛﮜﮝﮞﮟ
37:142
И кхаьллира чIеро, и бехке а волуш.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
37:143
Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбихь дечарах,
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
37:144
вуьсур ма вара цуьнан кийрахь уьш (халкъаш) юхадендечу /къемат/дийне кхаччалц.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
37:145
Кхоьссира Оха иза ара (яьссачу меттиге), цомгуш а волуш.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
37:146
Оха далийтира цунна гIабакхан дитт.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
37:147
Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха нахана тIе) я совболчаьрга.
ﯡﯢﯣﯤﯥ
37:148
Цара ийман диллира – Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна .
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
37:149
Ахь хаттал цаьрга (хьан нахе, х1ай элча): "Ткъа хьан Кхиош-Кхобучунна мехкарий бу‚ ткъа царна кIентий бу.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
37:150
Я Оха кхоьллина маликаш стен , царна а гуш?"
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
37:151
ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара
ﯹﯺﯻﯼﯽ
37:152
Дала бер дина /бохуш/ – баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.
ﯾﯿﰀﰁﰂ
37:153
Мехкарий хаьржина Цо кIентел‚ /бохуш/?
ﭑﭒﭓﭔﭕ
37:154
ХIун ду шуна‚ муха хьукма до аш?
ﭖﭗﭘ
37:155
Ойла ца йо аша?
ﭙﭚﭛﭜﭝ
37:156
Я шун билгала бакъо ю?
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
37:157
Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
37:158
Цара хилийтира Цунна а‚ жинашна а юкъахь гергарло. Жинашна хиира уьш дIахIиттор буйла.
ﭰﭱﭲﭳﭴ
37:159
ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сибатех .
ﭵﭶﭷﭸﭹ
37:160
Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/.
ﭺﭻﭼﭽ
37:161
Баккъалла а, аша а‚ аша /шена/ Iибадат дечо а –
ﭾﭿﮀﮁﮂ
37:162
аша питане лоцур ма вац
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
37:163
ша жоьжахатехь вогур верг бен.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
37:164
/Элира маликаш/: "Тхох ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен .
ﮐﮑﮒﮓ
37:165
Баккъалла а, тхо могIарш бина ду (лаьтташ 1ибадатехь мог1аршца).
ﮔﮕﮖﮗ
37:166
Баккъалла а, тхо тасбихь деш ду".
ﮘﮙﮚﮛ
37:167
Уьш(Маккара керстанаш) хиллехь а олуш:
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
37:168
"Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚
ﮣﮤﮥﮦﮧ
37:169
тхо хир дара Делан сов цIена леш ".
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
37:170
Керстаналла дина цара цунна (Къуръанна)‚ тIаьхьа хуур ду царна.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
37:171
Хьалхадаьлла Тхан дош Тхан бахкийтинчу лешка,
ﯕﯖﯗﯘ
37:172
баккъалла а, уьш – уьш бу шайн гIо дийр дерш, аьлла долу.
ﯙﯚﯛﯜﯝ
37:173
Баккъалла а, Тхан эскар (муъма нах) – и ду толамхо .
ﯞﯟﯠﯡﯢ
37:174
Д1аверза царах цхьа хан яллалц.
ﯣﯤﯥﯦ
37:175
Хьажа цаьрга /царна Iазап дуссуш/ – тIаьхьа гур ду царна /шайн керстаналлин бекхам/.
ﯧﯨﯩ
37:176
Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш?
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
37:177
Иза (Iазап) доьссича, церан керташка (аренга) – ма вон хилла-кх шайна кхерам тесначеран Iуьйре.
ﯱﯲﯳﯴﯵ
37:178
Д1аверза царах цхьа хан яллалц.
ﯶﯷﯸﯹ
37:179
Хьажа – тIаьхьа гур ду царна.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
37:180
ЦIена ву хьан Кхиош-Кхобург – сийлаллин Эла – цара /Шена т1ехь/ кхуллучу /харц/ сибатех.
ﰁﰂﰃﰄ
37:181
Салам-маршалла ду элчанашна.
ﰅﰆﰇﰈﰉ
37:182
Хастам /берриг/ бу Далла – Iаламийн Дена.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







