Аль-Аъраф · 153/206
Гочдар Дешар — Аль-Аъраф
وَالَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُوا مِن بَعْدِهَا وَآمَنُوا إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ ۝١٥٣
Wallazeena `amilus saiyiaati summa taaboo mim ba`dihaa wa aamanooo inna Rabbaka mim ba`dihaa la Ghafoorur Raheem
📖 Нохчийн маьӀна
Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, ийман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа /царна/ сов гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 151-155 — Аль-Аъраф

151قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِأَخِي وَأَدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ ۖ وَأَنتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Элира /Мусас/: "Со Кхиош-Кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг".
152إِنَّ الَّذِينَ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌ مِّن رَّبِّهِمْ وَذِلَّةٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُفْتَرِينَ
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-Кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна.
153وَالَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُوا مِن بَعْدِهَا وَآمَنُوا إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, ийман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа /царна/ сов гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.
154وَلَمَّا سَكَتَ عَن مُّوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الْأَلْوَاحَ ۖ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِّلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ
Муса оьгIазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна.
155وَاخْتَارَ مُوسَىٰ قَوْمَهُ سَبْعِينَ رَجُلًا لِّمِيقَاتِنَا ۖ فَلَمَّا أَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُم مِّن قَبْلُ وَإِيَّايَ ۖ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ السُّفَهَاءُ مِنَّا ۖ إِنْ هِيَ إِلَّا فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَن تَشَاءُ وَتَهْدِي مَن تَشَاءُ ۖ أَنتَ وَلِيُّنَا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۖ وَأَنتَ خَيْرُ الْغَافِرِينَ
Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхоьца цхьаьнакхетарна . ТIаккха чIогIачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: "Со Кхиош–Кхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх гечдечарах уггар дика верг.
Аль-АърафКуръан индекс
206Аят
MeccanRevelation
153Аят

Гочдар — Аль-Аъраф 153

Сура Аль-Аъраф Аят 153 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, ийман…

Сура Аят 153/206 — Аль-Аъраф الأعراف (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Аъраф ЛадоргӀа, Аль-Аъраф Гочдар, Аль-Аъраф mp3, Аль-Аъраф pdf. Аят 151–155. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers