Сура Аль-Къияма pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Къияма pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Къияма Гочдар. Сура Аль-Къияма (Meccan) 40 Аят.
Related
- Сура Аль-Къияма ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Къияма mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Къияма

ﮊﮋﮌﮍﮎ
75:1
ХIан-хIа! Дуй боу Ас къематдийнах.
ﮏﮐﮑﮒﮓ
75:2
ХIан-хIа! Дуй боу Ас дукха бехкаш бохучу синах.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
75:3
Адамна моьтту те Оха янне а гулйийр яц шен даьIахкаш?
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
75:4
ХIаъ! Ницкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшахтоьхна/ дIанисдан.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
75:5
ХIетте а‚ луу адамна къинош дан /и къематде харцдарца/ шен хьалха /йисинчу заманчохь/.
ﮧﮨﮩﮪﮫ
75:6
Хотту цо /къинош динчу керста адамо, ца вешаш/: "Маца хир ду и къематде?" –
ﮬﮭﮮﮯ
75:7
БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча.
ﮰﮱﯓ
75:8
Бутт лаьцча /шен нур дIадаьхьна‚ бода хилча/.
ﯔﯕﯖﯗ
75:9
Малх а‚ бутт а вовшахтоьхча.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
75:10
Эр ду адамо оцу /къемат/дийнахь: "Мичахь ю дIавада меттиг?"
ﯞﯟﯠﯡ
75:11
ХIан-хIа! ДIавада меттиг ма яц!
ﯢﯣﯤﯥﯦ
75:12
Хьуо Кхиош-Кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвала меттиг.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
75:13
ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг а‚ цо тIаьхьатеттинарг а.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
75:14
ХIетте а, адам ша шена тIехь теш хир ду-кх (массо а межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь).
ﯴﯵﯶﯷ
75:15
Шен бехказлонаш цо мел ялийча а /къобалйийр яц уьш/.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
75:16
Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил-малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сихвалархьама /хьайна дагахь цадисарна кхоьруш, хIай Мухьаммад/.
ﯿﰀﰁﰂﰃ
75:17
Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан даг чохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/.
ﰄﰅﰆﰇﰈ
75:18
Оха иза доьшуш, тIаьхьахIотта цуьнан дешарна.
ﰉﰊﰋﰌﰍ
75:19
ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
75:20
ХIан-х1а (дац и керстанашна ма моьтту)! Х1етте а, шу ма дезаш ду сиханиг .
ﭖﭗﭘ
75:21
Аш /д1атесна/ дуьтуш ма ду тIаьхьарниг (эхарт).
ﭙﭚﭛﭜ
75:22
Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚
ﭝﭞﭟﭠ
75:23
Шаьш Кхиош-Кхобучуьнга хьоьжуш.
ﭡﭢﭣﭤ
75:24
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
75:25
шайна тIехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш.
ﭫﭬﭭﭮﭯ
75:26
ХIан-хIа! /Са озийна доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/,
ﭰﭱﭲﭳﭴ
75:27
эр ду /цуьнан гергарчара/: "Хьан тавийр вара /х1ара/ ?"
ﭵﭶﭷﭸ
75:28
Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла.
ﭹﭺﭻﭼ
75:29
/Сауьйзуш, ветталуш/ ност настарх кхетар ю.
ﭽﭾﭿﮀﮁ
75:30
Хьуо Кхиош-Кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалх бекхам эца/.
ﮂﮃﮄﮅﮆ
75:31
Бакъ ца дора / керста адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора.
ﮇﮈﮉﮊ
75:32
Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
75:33
ТIаккха шен доьзална тIе воьдура, кураволуш.
ﮑﮒﮓﮔ
75:34
Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!
ﮕﮖﮗﮘﮙ
75:35
ТIаккха а ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
75:36
Моьттуш ду те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина, барт ца хоттуш /?
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
75:37
Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тIадамах (зудчун беран ц1ачу кхетначу стеган хих)?
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
75:38
ТIаккха дукъаделла ц1ий хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
75:39
ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
75:40
Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше х1уманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан? /Ву, Делора!/
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







