Худ · 15/123
Гочдар Дешар — Сура Худ
مَن كَانَ يُرِيدُ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَالَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لَا يُبْخَسُونَ ۝١٥
Man kaana yureedul hayaatad dunyaa zeenatahaa nuwaffi ilaihim a`maa lahum feehaa wa hum feehaa laa yubkhasoon
📖 Нохчийн маьӀна
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а йезаш хиллачунна – церан /дикачу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха ‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац.

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 13-17 — Сура Худ

13أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا بِعَشْرِ سُوَرٍ مِّثْلِهِ مُفْتَرَيَاتٍ وَادْعُوا مَنِ اسْتَطَعْتُم مِّن دُونِ اللَّهِ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
Я цара āларна: "И цо кхоьллина" . Ахь āла: "Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
14فَإِلَّمْ يَسْتَجِيبُوا لَكُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّمَا أُنزِلَ بِعِلْمِ اللَّهِ وَأَن لَّا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَهَلْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ
Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу хуьлий бусалбанаш ?"
15مَن كَانَ يُرِيدُ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَالَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لَا يُبْخَسُونَ
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а йезаш хиллачунна – церан /дикачу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха ‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац.
16أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَيْسَ لَهُمْ فِي الْآخِرَةِ إِلَّا النَّارُ ۖ وَحَبِطَ مَا صَنَعُوا فِيهَا وَبَاطِلٌ مَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе бен хир йоцурш. ХIаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикачух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь).
17أَفَمَن كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّهِ وَيَتْلُوهُ شَاهِدٌ مِّنْهُ وَمِن قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَىٰ إِمَامًا وَرَحْمَةً ۚ أُولَٰئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۚ وَمَن يَكْفُرْ بِهِ مِنَ الْأَحْزَابِ فَالنَّارُ مَوْعِدُهُ ۚ فَلَا تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِّنْهُ ۚ إِنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Ткъа шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг ‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш ‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна. Делахь а, дукхахболу нах ца теша.
ХудКуръан индекс
123Аят
MeccanRevelation
15Аят

Гочдар — Худ 15

Сура Худ Аят 15 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а йезаш хиллачунна – церан…

Сура Аят 15/123 — Сура Худ هود (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Худ ЛадоргӀа, Сура Худ Гочдар, Сура Худ mp3, Сура Худ pdf. Аят 13–17. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, September 8, 2026

Don't forget us in your sincere prayers