Ат-Товба · 67/129
Гочдар Дешар — Ат-Товба
ٱلۡمُنَٰفِقُونَ وَٱلۡمُنَٰفِقَٰتُ بَعۡضُهُم مِّنۢ بَعۡضٍۚ يَأۡمُرُونَ بِٱلۡمُنكَرِ وَيَنۡهَوۡنَ عَنِ ٱلۡمَعۡرُوفِ وَيَقۡبِضُونَ أَيۡدِيَهُمۡۚ نَسُواْ ٱللَّهَ فَنَسِيَهُمۡۚ إِنَّ ٱلۡمُنَٰفِقِينَ هُمُ ٱلۡفَٰسِقُونَ  ۝٦٧
Almunaafiqoona wal munaafiqaatu ba`duhum mim ba`d; yaamuroona bilmunkari wa yanhawna `anil ma`roofi wa yaqbidoona aidiyahum; nasul laaha fanasiyahum; innal munaafiqeena humul faasiqoon
📖 Нохчийн маьӀна
Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара (сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш – уьш бу-кх песакъаш.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 65-69 — Ат-Товба

65وَلَئِن سَأَلۡتَهُمۡ لَيَقُولُنَّ إِنَّمَا كُنَّا نَخُوضُ وَنَلۡعَبُۚ قُلۡ أَبِٱللَّهِ وَءَايَٰتِهِۦ وَرَسُولِهِۦ كُنتُمۡ تَسۡتَهۡزِءُونَ 
Ахь цаьрга хаьттича‚ цара эр ма ду хьуна: "Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий". Ахь āла: "Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а кхаьрдаш хилла шу?"
66لَا تَعۡتَذِرُواْ قَدۡ كَفَرۡتُم بَعۡدَ إِيمَٰنِكُمۡۚ إِن نَّعۡفُ عَن طَآئِفَةٍ مِّنكُمۡ نُعَذِّبۡ طَآئِفَةَۢ بِأَنَّهُمۡ كَانُواْ مُجۡرِمِينَ 
Бехказлонаш ма йе аш. Керстаналла деана аш шайн ийманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду уьш хиларна къинош деш берш.
67ٱلۡمُنَٰفِقُونَ وَٱلۡمُنَٰفِقَٰتُ بَعۡضُهُم مِّنۢ بَعۡضٍۚ يَأۡمُرُونَ بِٱلۡمُنكَرِ وَيَنۡهَوۡنَ عَنِ ٱلۡمَعۡرُوفِ وَيَقۡبِضُونَ أَيۡدِيَهُمۡۚ نَسُواْ ٱللَّهَ فَنَسِيَهُمۡۚ إِنَّ ٱلۡمُنَٰفِقِينَ هُمُ ٱلۡفَٰسِقُونَ 
Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара (сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш – уьш бу-кх песакъаш.
68وَعَدَ ٱللَّهُ ٱلۡمُنَٰفِقِينَ وَٱلۡمُنَٰفِقَٰتِ وَٱلۡكُفَّارَ نَارَ جَهَنَّمَ خَٰلِدِينَ فِيهَاۚ هِيَ حَسۡبُهُمۡۚ وَلَعَنَهُمُ ٱللَّهُۖ وَلَهُمۡ عَذَابٌ مُّقِيمٌ 
Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар а болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неIалт аьлла царна‚ царна д1ахIоьттина долу Iазап (кечдина) ду.
69كَٱلَّذِينَ مِن قَبۡلِكُمۡ كَانُوٓاْ أَشَدَّ مِنكُمۡ قُوَّةً وَأَكۡثَرَ أَمۡوَٰلًا وَأَوۡلَٰدًا فَٱسۡتَمۡتَعُواْ بِخَلَٰقِهِمۡ فَٱسۡتَمۡتَعۡتُم بِخَلَٰقِكُمۡ كَمَا ٱسۡتَمۡتَعَ ٱلَّذِينَ مِن قَبۡلِكُم بِخَلَٰقِهِمۡ وَخُضۡتُمۡ كَٱلَّذِي خَاضُوٓاْۚ أُوْلَٰٓئِكَ حَبِطَتۡ أَعۡمَٰلُهُمۡ فِي ٱلدُّنۡيَا وَٱلۡأٓخِرَةِۖ وَأُوْلَٰٓئِكَ هُمُ ٱلۡخَٰسِرُونَ 
Шул хьалха хиллачарах тера /ду иза, хIай мунапикъаш/. Шул чIогIа бара уьш ницкъанца‚ алсам бара даьхница а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегарх терра шайн декъах‚ /харцонна а, тиларна а/ чу дахара шу, /шул хьалха/ уьш цу чу бахарх терра . Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшнарш.
Ат-ТовбаКуръан индекс
129Аят
MedinanRevelation
67Аят

Гочдар — Ат-Товба 67

Сура Аят 67/129 — Ат-Товба التوبة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Ат-Товба ЛадоргӀа, Ат-Товба Гочдар, Ат-Товба mp3, Ат-Товба pdf. Аят 65–69. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers