Сура Ан-НазиӀат pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ан-НазиӀат pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ан-НазиӀат Гочдар. Сура Ан-НазиӀат (Meccan) 46 Аят.
Related
- Сура Ан-НазиӀат ГочдарНохчийн
- Сура Ан-НазиӀат mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ан-НазиӀат

ﮢﮣﮤ
79:1
Шаьш нуьцкъала /керстанийн синош/ схьадохучу /маликех/ дуй боу Ас,
ﮥﮦﮧ
79:2
шаьш жигара /муъма нехан синош/ схьаоьцучу /маликех/ дуй боу Ас,
ﮨﮩﮪ
79:3
нека дечарах , нека дарца, дуй боу Ас,
ﮫﮬﮭ
79:4
сихлуш долчарах , сихдаларца, дуй боу Ас,
ﮮﮯﮰ
79:5
/Делан/ омра шен-шен метта дIадоькъучарах /маликех/ а дуй боу Ас:
ﮱﯓﯔﯕ
79:6
оцу дийнахь /Iалам/ эгор ду эгочо .
ﯖﯗﯘ
79:7
Цунна тIаьххьа хир ду тIаьхьадогIург .
ﯙﯚﯛﯜ
79:8
/Цатешаш хиллачеран/Дегнаш оцу дийнахь /кхераделла/ детталур ду.
ﯝﯞﯟ
79:9
Церан хьежар /шайн ирча хьал гучудаьлча, сийсазадаьлла/ охьатаь1на хир ду.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
79:10
Олура цара /дуьненахь болуш, ца бешаш/: "Вай юхадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/
ﯦﯧﯨﯩﯪ
79:11
Вайх хиллачул тIаьхьа яхкаелла даьIахкаш?"
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
79:12
Олура цара: "Иза хIета пайдабоцу юхадерзар ма ду" .
ﯱﯲﯳﯴﯵ
79:13
Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу. (Исрафил-малико сур лакхар).
ﯶﯷﯸﯹ
79:14
Уьш берриге а /денбина/ латта тIехь хир бу.
ﯺﯻﯼﯽﯾ
79:15
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ Мусан хабар?
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
79:16
Цуьнга кхайкхира иза Кхиош-Кхобучо ТIува цIе йолчу езачу атагIахь:
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
79:17
"хьада, ФирIавнна тIе гIо‚ иза тIехваьлла /Делан дозанех/.
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
79:18
Ахь āла /цуьнга/: "Хьо /ширках/ цIанвала дагахь вуй?
ﭞﭟﭠﭡﭢ
79:19
Ас нисвийр ву хьо Кхиош-Кхобучунна тIе‚ тIаккха кхоьрур ву хьо /Цуьнан 1азапах/".
ﭣﭤﭥﭦ
79:20
Цо (Мусас) гайтира цуьнга доккха делил (муIжизат‚ бозбуунчалла).
ﭧﭨﭩ
79:21
Харцдира /иза ФирIавна/‚ Iеса велира иза.
ﭪﭫﭬﭭ
79:22
ТIаккха юхавелира, сихвелла.
ﭮﭯﭰ
79:23
Цо гулбира /бозбуунчаш а‚ шен бIо а/‚ кхайкхира‚
ﭱﭲﭳﭴﭵ
79:24
т1аккха цо элира: "Со ву вунō лекха волу, шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!"
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
79:25
Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дош бахьанехь/ таIзарций.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
79:26
Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу /Делах/ кхоьруш волчунна.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
79:27
Шу дара хала /Цунна/ кхолла я стигал яра? Цо х1оттийна иза!
ﮋﮌﮍﮎ
79:28
Цо айбира цуьнан тхов ‚ тIаккха нисйира /цхьа а гуш 1уьрг доцуш/.
ﮏﮐﮑﮒﮓ
79:29
Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар.
ﮔﮕﮖﮗﮘ
79:30
Латта цул тIаьхьа даржийра Цо.
ﮙﮚﮛﮜﮝ
79:31
Схьадаьккхира цунах хи а‚ дежийлаш а.
ﮞﮟﮠ
79:32
Лаьмнаш дуьйг1ира Цо /лаьтта тIехь/.
ﮡﮢﮣﮤ
79:33
Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а.
ﮥﮦﮧﮨﮩ
79:34
Боккха бāла беъча,
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
79:35
Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша къахьегнарг.
ﮰﮱﯓﯔﯕ
79:36
Гучуйоккхур ю жоьжахати гучунна.
ﯖﯗﯘﯙ
79:37
Амма тIехваьлларг /Делан дозанех/‚
ﯚﯛﯜﯝ
79:38
/эхартал/дуьненан дахар хаьржинарг –
ﯞﯟﯠﯡﯢ
79:39
жоьжахати хир ю цуьнан чугIойла.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
79:40
Амма ша Кхиош-Кхобучунна хьалха хIотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух (дуьненан марзонах) шен са а духатоьхнарг –
ﯭﯮﯯﯰﯱ
79:41
ялсамани хир ю цуьнан чугIойла.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
79:42
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад, ца бешаш/ сахьтах ‚ маца хир ду иза хIоттар бохуш.
ﯸﯹﯺﯻﯼ
79:43
Хьуна мичара ду и хьехадан ?
ﯽﯾﯿﰀ
79:44
Хьо Кхиош-Кхобучуьнга ю цуьнан чаккхе !
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
79:45
Баккъалла а, хьо кхерамча ву цунах кхоьруш волчунна.
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
79:46
Уьш иза шайна гуш долчу дийнахь хир бу, шаьш /дуьненахь/ цхьа суьйре я цхьа Iуьйре бен ца яьккхинарш санна.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







