PDF —
29 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Таквир pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Таквир pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Таквир Гочдар. Сура Ат-Таквир (Meccan) 29 Аят.

← ӀабасаСура Ат-Таквир Аль-Инфитар →


29 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭙﭚﭛﭜ
81:1 Малх дIахьарчича‚
ﭝﭞﭟﭠ
81:2 седарчий охьаэгча‚
ﭡﭢﭣﭤ
81:3 лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладалийтича,
ﭥﭦﭧﭨ
81:4 пхора эмкалш Iу воцуш йитича,
ﭩﭪﭫﭬ
81:5 акхарой гулйича ‚
ﭭﭮﭯﭰ
81:6 хIордаш дагийна‚ царах цIе хилча‚
ﭱﭲﭳﭴ
81:7 синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмаш чу/ дIадерзийча ‚
ﭵﭶﭷﭸ
81:8 дийна долуш /кешнаш чу/ дIадоьллина хиллачу зудабере хаьттича,
ﭹﭺﭻﭼ
81:9 х1ун къа бахьанехь иза дийна хилла аьлла,
ﭽﭾﭿﮀ
81:10 /нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIасадекъча (цаьрга шайга д1аделча)‚
ﮁﮂﮃﮄ
81:11 стигал /уьстагIан цIока йоккхуш санна схьаоьзна/ д1аяьккхича‚
ﮅﮆﮇﮈ
81:12 жоьжахати дIалатича‚
ﮉﮊﮋﮌ
81:13 ялсамани /Делах кхоьруш хиллачарна/ гергаялийча –
ﮍﮎﮏﮐﮑ
81:14 /И массо а хIума хилча, тIаккха/ синна хуур ду, ша хIун деана .
ﮒﮓﮔﮕ
81:15 ХIан-хIа! Дуй боу Ас дийнахь хьулдечу, буьйсанна гучудолучу (къегачу) седарчех.
ﮖﮗﮘ
81:16 /Маьлхаца, баттаца/ дIасалелаш‚ тIаккха /малх д1абузучу хенахь/ къайладовлуш долчу седарчех а‚
ﮙﮚﮛﮜ
81:17 буьйсанах а‚ иза Iаржъелча‚
ﮝﮞﮟﮠ
81:18 Iуьйренах а‚ иза серлаяла йолаелча:
ﮡﮢﮣﮤﮥ
81:19 баккъалла а, иза (Къуръан) сийлахь долчу элчанан дош ма ду‚
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
81:20 нуьцкъала долчу, Шегахь Iарш йолчун (Далла) гергахь чIогIа долчу‚
ﮭﮮﮯﮰ
81:21 /шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу.
ﮱﯓﯔﯕ
81:22 Ма вац шун накъост (Мухьаммад) жинех /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/.
ﯖﯗﯘﯙﯚ
81:23 Цунна и (Джабраил-малик) ма гира серлаяьллачу анахь (стиглан арахь).
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
81:24 Иза-м а вац шега къайлаха (нахана ца гуш долу) доуьйтучу ваьхьех хIумма а эшадеш (нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш).
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
81:25 И (Къуръан) ма дац /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/ шена не1алт аьллачу шайтIанан дош.
ﯧﯨﯩ
81:26 Шу мича доьлху /цу Къуръанна инкарло еш/?
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
81:27 Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
81:28 шух ша нисвала лиъначунна.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
81:29 Шуна луур-м дац, Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers