Сура Аль-Инфитар pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Инфитар pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Инфитар Гочдар. Сура Аль-Инфитар (Meccan) 19 Аят.
Related
- Сура Аль-Инфитар ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Инфитар mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Инфитар

ﭑﭒﭓﭔ
82:1
Стигал яьтIича ‚
ﭕﭖﭗﭘ
82:2
седарчий охьэгча‚
ﭙﭚﭛﭜ
82:3
хIордаш /шайн йистош дIаевлла, вовшахъийна/ цхьа хIорд хилча‚
ﭝﭞﭟﭠ
82:4
кешнаш тIекIелдевлча /белларш хьалагIовттийта/‚ –
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
82:5
/тIаккха/ хуур ду синна, ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатетти.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
82:6
ХIай адам! Стен марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-Кхобучунна Iесалла ян ?
ﭮﭯﭰﭱﭲ
82:7
Иштта ву Иза, Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха хьо (адам) д1анисдина (хьан массо а меже нийса йолуш, хьо хезаш, ойла еш, гуш долуш), т1аккха /хазачу куьцехь/ д1атардина.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
82:8
Шена луучу суьртехь Цо д1ах1отти хьо.
ﭺﭻﭼﭽﭾ
82:9
ХIан-хIа! Шу харцдеш ма ду бекхам хирг хилар /къематдийнахь/.
ﭿﮀﮁﮂ
82:10
Баккъалла а, шуна тIе хIиттийна лардархой ма бу‚
ﮃﮄﮅ
82:11
Сийлахь хилла‚ яздеш долу.
ﮆﮇﮈﮉ
82:12
Царна хаьа аш дийриг.
ﮊﮋﮌﮍﮎ
82:13
Баккъалла а, дика берш /шена чохь массо а хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу.
ﮏﮐﮑﮒﮓ
82:14
Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу.
ﮔﮕﮖﮗ
82:15
Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь.
ﮘﮙﮚﮛﮜ
82:16
Цунах къайлабер ма бац уьш.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
82:17
Хьуна стен хаийтина /х1ай элча/‚ иза хIун бекхаман де ду?
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
82:18
ТIаккха а хьуна стен хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
82:19
Оцу дийнахь сино синан цхьанна а хIуманна тIехь доладийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







