PDF —
17 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Тарикъ pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Тарикъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Тарикъ Гочдар. Сура Ат-Тарикъ (Meccan) 17 Аят.

← Аль-БуруджСура Ат-Тарикъ Аль-Аъла →


17 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓ
86:1 Стигалх а дуй боу Ас‚ /буса кхетачу/ седанах а дуй боу Ас.
ﭔﭕﭖﭗﭘ
86:2 Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/, и / буса кхетарг/ хIун седа бу?
ﭙﭚﭛ
86:3 Бода хадош болу седа бу иза.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
86:4 Цхьа а са ма дац, шена тIехь тергамхо волуш бен.
ﭣﭤﭥﭦﭧ
86:5 Хьожийла адам‚ ша стенах кхоьллина ду!
ﭨﭩﭪﭫﭬ
86:6 Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
86:7 Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIахкех (т1ехкех).
ﭳﭴﭵﭶﭷ
86:8 Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзо ницкъ кхочуш верг.
ﭸﭹﭺﭻ
86:9 Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
86:10 Ма бац цунна (къинош диначунна) ницкъ а‚ ма вац цунна (къинош диначунна) гIоьнча а.
ﮃﮄﮅﮆ
86:11 Стигалх а дуй боу Ас‚ шегахь юхадерзор долчу (шен хен-хенахь доьлху догIа долчу).
ﮇﮈﮉﮊ
86:12 Лаьттах а дуй боу Ас‚ шегахь дāдар долчу /орамат схьадолуш/:
ﮋﮌﮍﮎ
86:13 баккъалла а, и /Къуръан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх!
ﮏﮐﮑﮒ
86:14 Иза забар яц-кх!
ﮓﮔﮕﮖ
86:15 Баккъалла а, уьш (керстанаш) мекарло йеш бу мекарло ярца.
ﮗﮘﮙ
86:16 Ас а йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло.
ﮚﮛﮜﮝﮞ
86:17 Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца, Деле царна сихха 1азап дар ца доьхуш/‚ Ас а буьтур бу уьш цхьажимма /т1аьхьа дийр ду царна хьакъ долу 1азап, уьш, дохко а беввла, динна т1е ца берзахь/.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers