PDF —
22 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Бурудж pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Бурудж pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Бурудж Гочдар. Сура Аль-Бурудж (Meccan) 22 Аят.



22 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭛﭜﭝﭞ
85:1 Стигалах дуй боу Ас‚ /седарчий чохь долу/ гIаланаш йолчу‚
ﭟﭠﭡ
85:2 шуна ваIда йинчу /къемат/ дийнах а дуй боу Ас‚
ﭢﭣﭤ
85:3 ша тешалла дийр долчух а, шена т1ехь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас /.
ﭥﭦﭧﭨ
85:4 Х1аллакхили саьнгарийн дай,
ﭩﭪﭫﭬ
85:5 /муъма нахах/ шена ягориг йинчу цIеран дай .
ﭭﭮﭯﭰﭱ
85:6 Уьш бара цунна гонахь хевшина‚
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
85:7 шаьш муъма нахана тIехь дечуьнга хьоьжуш.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
85:8 Цаьргара чIир ца оьцура цара, деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
85:9 Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
85:10 Баккъалла а, и муъма божарий а‚ муъма зударий а бале лаьцнарш ‚ тIаккха тōба ца динарш – царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
85:11 Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна бошмаш ю‚ шайна бухахула хиш оьхуш йолу. Иза боккха толам бу-кх!
ﮮﮯﮰﮱﯓ
85:12 Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ ницкъ чIогIа бу-кх!
ﯔﯕﯖﯗﯘ
85:13 Баккъалла а, Цо д1адоладо‚ Цо карладоккху /муьлха гIуллакх/. (Цо кхоьллина халкъ юхьанца, Цо дендийр ду и тIаьхьа къематдинахь)
ﯙﯚﯛﯜ
85:14 Иза сов гечдийриг а ву‚ безаш верг а ву /Шена гIуллакх деш берш/.
ﯝﯞﯟﯠ
85:15 Сийлахьчу Iаьршан Да а ву‚
ﯡﯢﯣﯤ
85:16 Шена луург деш верг а ву.
ﯥﯦﯧﯨﯩ
85:17 Эскарийн хабар деъний хьоьга‚ /хIай Мухьаммад/,
ﯪﯫﯬ
85:18 ФирIавнан а‚ самудийн а /хабар/ ?
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
85:19 ХIетте а, цатешнарш харцонна чохь ма бу.
ﯳﯴﯵﯶﯷ
85:20 Дела царна тIехьахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницкъ болуш ву).
ﯸﯹﯺﯻﯼ
85:21 ХIетте а! Иза сийлахь Къуръан ма ду.
ﯽﯾﯿﰀ
85:22 1алашдечу уьна чохь ма ду.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers