PDF —
30 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Фажр pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Фажр pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Фажр Гочдар. Сура Аль-Фажр (Meccan) 30 Аят.



30 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭤﭥ
89:1 Сатасарх дуй боу Ас.
ﭦﭧﭨ
89:2 Итт буьйсанех а дуй боу Ас.
ﭩﭪﭫ
89:3 Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Ас.
ﭬﭭﭮﭯ
89:4 Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
89:5 Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
89:6 Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ муха хилира хьо Кхиош-Кхобуш верг Iадашца ?
ﭾﭿﮀﮁ
89:7 Шайн бIогIамаш долчу ирамашца а?
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
89:8 Ишттанаш бу уьш, шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
89:9 Самудашца а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
ﮏﮐﮑﮒ
89:10 Хьостамаш долчу ФирIавнаца?
ﮓﮔﮕﮖﮗ
89:11 Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIехбевлла хилла болчу.
ﮘﮙﮚﮛ
89:12 Дукха дира цара цигахь вон хIуманаш.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
89:13 Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-Кхобучо тайп-тайпана Iазап.
ﮢﮣﮤﮥ
89:14 Баккъалла а, хьо, Кхиош-Кхобург, /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
89:15 Адамо, ша Кхиош-Кхобучо зийча‚ Цо шен сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: "Со Кхиош-Кхобучо сий дина сан".
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
89:16 Амма, Цо ша зийча‚ шена рицкъ кIеззиг делча‚ цо олу: "Со Кхиош-Кхобучо со сийсазаваьккхи ".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
89:17 ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
89:18 Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш.
ﯫﯬﯭﯮﯯ
89:19 /Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIачу даарца.
ﯰﯱﯲﯳﯴ
89:20 Даьхни дезаш ду шу дукха дезарца.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
89:21 Латта нисдича‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах д1асаяьржина чан хуьлуш/.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
89:22 ВогIур ву хьо Кхиош-Кхобург а‚ малик а могIанехь – могIанехь.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
89:23 Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIур ду адамна. Стенна ду цунна /хIинца/ и дагадар?!
ﭜﭝﭞﭟﭠ
89:24 Цо эр ду: "Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна".
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
89:25 Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Iазап дийр дац цхьаммо а.
ﭧﭨﭩﭪﭫ
89:26 Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад .
ﭬﭭﭮﭯ
89:27 /Делах кхоьруш хиллачарах волчуьнга эр ду/: "ХIай синтем хилла долу са!
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
89:28 ДIадерза хьуо Кхиош-Кхобучуьнга, хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш.
ﭶﭷﭸﭹ
89:29 ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚
ﭺﭻﭼ
89:30 чугIо Сан ялсаманина".

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers