Сура Аль-Балад pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Балад pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Балад Гочдар. Сура Аль-Балад (Meccan) 20 Аят.
Related
- Сура Аль-Балад ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Балад mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Балад

ﭽﭾﭿﮀﮁ
90:1
ХIан-хIа! Дуй боу Ас хIоккху гIалих (Макках).
ﮂﮃﮄﮅﮆ
90:2
Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гIалахь!
ﮇﮈﮉﮊ
90:3
Дех (Ᾱдамах) дуй боу Ас‚ цо дуьнена ваьккхинчух а (цуьнан доьзалх – нахах):
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
90:4
Оха кхоьллина адам халонгахь .
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
90:5
Цунна моьтту-те шена тIехь цхьанна а ницкъ кхочур бац?
ﮘﮙﮚﮛﮜ
90:6
Цо олу: "Ас дуккха даьхни хIаллакдина ".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
90:7
Цунна моьтту-те ша цхьанна а гина вац?
ﮣﮤﮥﮦﮧ
90:8
Оха цунна (адамна) ши бIаьрг ца бина?
ﮨﮩﮪ
90:9
Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?
ﮫﮬﮭ
90:10
Оха нисдина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа.
ﮮﮯﮰﮱ
90:11
Ирхо яхьа хьала ца гIирти иза.
ﯓﯔﯕﯖﯗ
90:12
Хьоьга стен хаийтина /х1ай элча/‚ иза хIун ирхо яхьар ду?
ﯘﯙﯚ
90:13
Лай азатваккхар ду,
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
90:14
я хIума яор ду мацалла йолчудийнахь
ﯢﯣﯤﯥ
90:15
шен гергара долчу боберана‚
ﯦﯧﯨﯩﯪ
90:16
я чIогIа къоьлла йолчу мискачунна.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
90:17
ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иймандиллинчарах а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарах а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш, весет диначарах а.
ﯵﯶﯷﯸ
90:18
Уьш бу аьтту агIонан (ялсаманин) дай.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
90:19
Тхан аятех цатешнарш – уьш бу аьрру агIонан (жоьжахатин) дай.
ﭘﭙﭚﭛ
90:20
Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ д1акъевлина цIе .
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







