Сура Аш-Шамс pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аш-Шамс pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аш-Шамс Гочдар. Сура Аш-Шамс (Meccan) 15 Аят.
Related
- Сура Аш-Шамс ГочдарНохчийн
- Сура Аш-Шамс mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аш-Шамс

ﭜﭝﭞ
91:1
Маьлхах дуй боу Ас‚ цуьнан лепарх а.
ﭟﭠﭡﭢ
91:2
Баттах а дуй боу Ас‚ иза цу /маьлхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ, иза дIабуьзча/.
ﭣﭤﭥﭦ
91:3
Дийнах а дуй боу Ас, иза цо (маьлхо) къагош.
ﭧﭨﭩﭪ
91:4
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ цо и (малх) дIахьулбеш.
ﭫﭬﭭﭮ
91:5
Стигалх а дуй боу Ас‚ и хIоттийнчух а (Ас Сайх).
ﭯﭰﭱﭲ
91:6
Лаьттах а дуй боу Ас‚ иза даржийнчух а (Ас Сайх).
ﭳﭴﭵﭶ
91:7
Сих а дуй боу Ас‚ иза дIанисдинчух а (Ас Сайх).
ﭷﭸﭹﭺ
91:8
Цо (Дала) кхетийна и (са) къа дарах а‚ /Делах/ кхерарх а.
ﭻﭼﭽﭾﭿ
91:9
Декъалахили и /са дика Iамалш ярца/ ц1андинарг.
ﮀﮁﮂﮃﮄ
91:10
Декъазахили и /са вон Iамалш ярца/ бехдинарг.
ﮅﮆﮇﮈ
91:11
Харцдира /Делан дин/ самудаша шаьш тIех тиларца.
ﮉﮊﮋﮌ
91:12
Сихвелира царах уггар декъазниг /Дала яийтинчу эмкална урс хьакха/.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
91:13
Элира цаьрга Делан элчано (Салихьа): "(Шу ларлолаш зен дарх а) Делан эмкална, (новкъарло ярх а) цунна хи мала ".
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
91:14
Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьаькхира. Шаьш Кхиош-Кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира – /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира.
ﮝﮞﮟﮠ
91:15
Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру (Дела Шен мостаг1ашна та1зар дарна т1ехь жоьпаллах ца кхоьру).
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







