Сура Аль-Лайл pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Лайл pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Лайл Гочдар. Сура Аль-Лайл (Meccan) 21 Аят.
Related
- Сура Аль-Лайл ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Лайл mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Лайл

ﮡﮢﮣﮤ
92:1
Буьйсанах дуй боу Ас, /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚
ﮥﮦﮧﮨ
92:2
дийнах а дуй боу Ас‚ иза серладаьлча,
ﮩﮪﮫﮬﮭ
92:3
ша боьрша а, стен а адам кхоьллинчух (Делах) а дуй боу Ас :
ﮮﮯﮰﮱ
92:4
баккъалла а, шун къахьегар тайп-тайпана ду-кх!
ﯓﯔﯕﯖﯗ
92:5
Амма ша /шен даьхни/ д1аделларг а (харжаш йеш Дала бохучу новкъахь)‚ /Делах/ кхийринарг а‚
ﯘﯙﯚ
92:6
ша уггар хазаниг бакъдинарг –
ﯛﯜﯝ
92:7
Оха цунна атта дийр ду аттачунна (дикачу 1амална) тIе /вахар/.
ﯞﯟﯠﯡﯢ
92:8
Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг а‚
ﯣﯤﯥ
92:9
ша уггар хазаниг харцдинарг –
ﭑﭒﭓ
92:10
Оха цунна атта дийр ду халачунна (вочу дахарна дуьненахь а, эхартахь а) тIе (вахар).
ﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
92:11
Цунна пайдēн хир бац цуьнан бахам, иза кIелвисча /жоьжахате вохуьйтуш/.
ﭛﭜﭝﭞ
92:12
Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/.
ﭟﭠﭡﭢﭣ
92:13
Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а (эхарт а‚ дуьне а).
ﭤﭥﭦﭧ
92:14
Ас кхерам тесна шуна алу кхуьссучу цIерца.
ﭨﭩﭪﭫﭬ
92:15
ЧугIур вац цунна (-чу вага) уггар декъазаниг бен‚
ﭭﭮﭯﭰ
92:16
ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина хилла волу.
ﭱﭲﭳ
92:17
Цунах генавоккхур ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚
ﭴﭵﭶﭷﭸ
92:18
шен бахам ша цIанвала (закатна, сагIина) д1алуш верг‚
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
92:19
цхьаьнгара шена бекхамна дика ца лоьхуш ‚
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
92:20
уггар лакхахь волчу ша Кхиош-Кхобучун юьхь езар бен .
ﮆﮇﮈ
92:21
Т1аьхьа резахир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







