Сура Аль-Алакъ pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Алакъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Алакъ Гочдар. Сура Аль-Алакъ (Meccan) 19 Аят.
Related
- Сура Аль-Алакъ ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Алакъ mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Алакъ

ﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
96:1
Деша хьо Кхиош-Кхобучун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!
ﮛﮜﮝﮞﮟ
96:2
Цо адам кхоьллина цIийн улхах .
ﮠﮡﮢﮣ
96:3
Деша! Хьо Кхиош-Кхобург ву уггар комаьрша верг.
ﮤﮥﮦﮧ
96:4
Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
96:5
Цо Iамийра адамна цунна цахуург.
ﮮﮯﮰﮱﯓ
96:6
ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/,
ﯔﯕﯖﯗ
96:7
шена ша хьал долуш гуш.
ﯘﯙﯚﯛﯜ
96:8
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучуьнга ду /массеран а/ дIадерзар.
ﯝﯞﯟﯠ
96:9
Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло йеш верг (Абу-ДжахIал)
ﯡﯢﯣﯤ
96:10
лена (Мухьаммад-пайхамарна), цо ламаз деш?
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
96:11
Гиний хьуна, и (шена новкъарло йийриг Мухьаммад-пайхамар) нийсачу новкъахь хиллехь?
ﯫﯬﯭﯮ
96:12
Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь?
ﭑﭒﭓﭔﭕ
96:13
Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло йеш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
96:14
Цунна ца хиъна те Далла гуш дуйла?
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
96:15
ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚
ﭣﭤﭥﭦ
96:16
харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца!
ﭧﭨﭩ
96:17
Цо /гIо лоьхуш/ кхойкхийла шен гуламе .
ﭪﭫﭬ
96:18
Оха кхойкхур ду забаниййаташка .
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
96:19
ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахь /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужуд де‚ /Цунна/ герга гIо /Iамал ярца/.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







